
Маьрша Нохчийчоь – Ахьмад-Хьаьжин толам
Нохчийн Республикин хьал- хара Президент, Россин Тур- палхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа (Дала гIазот къобалдойла цуь- нан) Нохчийчоь маьрша, берка- те, дерриге а дакъошкахь кху- ьуш хиларе сатуьйсуш а вара, вайн халкъан кхане ирсе хирг хиларх тешаш а вара. Прези- дент харжале дикка хьалха а халкъ тешаш дара цунах, цуь- нан гIолоцуш а дара, вайн ре- гионна коьртехь иза хуьлийла даггара лууш а дара. Ахьмад- Хьаьжас майра а, хадам бол- луш а къамел дора мел лакхар- чу мимаршна тIера, цо даррехь, йуьхь-дуьххьал бакъдерг олура хьаьнгга а. Иза баккъал а сий- лахь стаг вара. Суна иза 2002-чу шеран хьаьттан (август) баттахь вев- зира. Сан аьтто белира, иза балхахь волуш, цунна тIекхача. ХIетахь дуьххьара вовшашца къамел хилира тхойшиннан. Суна вуно дика дагадогIу и цхьаьнакхетар а, цигахь хил- ла къамел а, хIора дош бохург санна. Эхасохьтехь гергга къа- мел дира оха. Оцу йукъана ас дийцира нохчех «бIоба» йарна дуьхьал къийсам дIабахьарехь дан дезачух лаьцна. Цунна йов- зийтира оцу декъехь дан тарлу- чу гIуллакхийн план. Ахьмад-Хьаьжас дукха ле- рина ладуьйгIира соьга. Йуха элира: «Нагахь санна хьоьга и далур делахь – чIогIа дика хир ду». Аьллачунна тIетуьйхира: «Карарчу хенахь республикехь дукха бу кхечу регионашкара командировке бахкийтинарш. Уьш мацца бахана а дIагIур бу, тIаккха ваьш болх бан дезар ду вайн. Вайна хьекъал долу, дешна долу, халкъан дуьхьа къахьега кийча долу адамаш оьшу. Суна коьртаниг ду стаг шен Даймехкан патриот хилар а, шен балхана охIла хилар а». ШолгIачу дийнахь со бал- ха аравелира, цо тIедилларца, цуьнан команди йукъа а ва- хара. Цу тайппана, хьалха вевзаш хилла воцу со, «урам- новкъара» ала мегар долуш волу со, цхьамма а дIаэцахьара аьлла дина дехар а доцуш, Ка- дыров Ахьмад-Хьаьжина йух- хехь, нохчийн халкъан сийлахь- чу кIантана йуххехь болх бан волавелира. Цо аьлларг чек- хдаьлла дара. Эхь-бехк, йахь- йуьхь йолуш, оьзда, майра, доьналла долуш стаг вара иза. Цунна йуххехь болх бар йок- кха сийлалла йара. ЧIогIа чолхе зама йара иза. Бандподпольес хаамийн йоккха пропаганда йара дIахьош. Цунна оьшу интернетмайда- наш, базаш йара церан Гуьр- жийчохь а, Балтйистерчу пач- хьалкхашкахь а. Ткъа вайн цаьрца къийсам дIабахьа гIирсаш ледара бара. ХIетта болх бан йуьйлалуш йара зорбанан изданеш а, «Вайнах» телеканал а. Цу тIе, федеральни телеканалаша йеллачу кIеззигчу хенахь бен эфире бовла аьтто а бацара вайн тележурналистийн. Иза вуно кIезиг дара. Республикехь баккхий хий- цамаш бар, реформаш йар дIахьочу хьелашкахь экстре- мистийн ницкъашна дуьхьал боккха хаамийн болх бара, во- вшах а тоьхна, дIабахьа безаш. Хаамийн-пропагандин хьекъа- ле болх дIабахьа хьуьнар а, корматалла а йолчу говзанчийн команда йара вовшахтоха йе- заш. Тхо хаамийн блокан стра- теги кечйеш дара. Дерриге а юьххьера дуьйна дIадоло дезаш хуьлура. Нохчийчохь хуьлуш долчун хьокъехь бакъболу хаам вайн мелла а алсам махкахош- ка, республикехь а, цул арахьа а болчу, дIакхачийтар оьшура тхуна. Иштта, дIахаийта дезаш дара Кадыров АхьмадХьаьжас хIун тIедахкарш до, уьш кхо- чушдар муха ду. Адамашна оь- шуш дара и. Адамаш цаьрга са- туьйсуш дара. Ахьмад-Хьаьжас жоьпаш лора церан дерриге а хаттаршна, церан дог-ойла гIаттайора, цаьргахь кханене тешам кхуллура. Иза респу- бликин куьйгалле хIоьттинчул тIаьхьа, хьал жим-жима хийца- дала, тодала доладелира, дахар тIеман хьолера маьрша хиларе дерзар хаалуш дара. Ас даима а олура, Ахьмад- Хьаьжас дина къамел, хада а ца деш, йукъара цхьа а хIума дIа а ца доккхуш, дерриге а эфире дала деза. ХIунда аьлча, хIора цхьаьнакхетарехь цо деш хиллачу къамелан кIорггера маьIна хуьлура, мах хадийна ца валлал, мехала хьехамаш хуьлура. Цундела хуьлура со цуьнан массо а дош халкъана дIахезийла лууш. Кадыров Ахьмад-Хьаьжа цкъа а вацара шен цIе йак- кхийта гIерташ, ша вовзийта гIерташ. Цунна иза оьшуш да- цара. Цунна оьшуш дацара, цо къобалдеш дацара цIархазмана хIуманаш лелор. Оццу хенахь шуьйрачу хаамийн гIирсашна мехала а, оьшуш а дара цуьнан дош. Цо шен пресс-службина хьалха хIоттош долу коьрта дек- хар дара адамашна республи- кехь хуьлуш болчу хиламийн хьокъехь бакъдерг ма-дарра дIадовзийтар, бакъдерг бен цадийцар. Ахьмад-Хьаьжа ша Нохчий- чоьнан Администрацин Ку- ьйгалхочун дарже хIоьттинчу хьалхарчу дийнахь дуьйна йекъайелла йукъаралла цхьаь- натоха, халкъ цхьаъ дан, нуьц- къала дан, шен кханенах тешаш дан лууш вара. Пресс-службин куьйгалхо хиларе терра, даима а цунна йуххехь хила гIертара со, цуьнан хIора а дош хазар- хьама, цуьнан хIора а хьажар гархьама, цунна йуххехь йок- кхуш йолу хIора а минотах пай- да, ирс эцархьама. А-Хь.Кадыров цIена стаг вара, чIогIа хьекъал долуш вара, хьикмат долуш вара, догцIена вара. Кхечу кепара хуьлийла а дацара воккха Iелам волу стаг. Шеца гIуллакх а хил- ла, шена тIевеана стаг дукха ле- рина, сий-ларам беш тIеоьцура цо, сема ладугIура цо боху- чуьнга, цуьнан дехаре. Цхьа а хIума тидамза ца дуьтура. ТIе ма хьаьжжина стагехь доллург хаьара цунна. Хьаьнцца а дан къамел хуьлура цуьнан, стаг къона, гIеметтахIоьттина йа къена хиларе хьаьжна ца Iаш. Ломара охьавеанчу ахархочуьн- ца а, лаккхарчу даржехь волчу пачхьалкхан гIуллакххочуьнца а цхьатерра ларам барца, собар- ца къамел дан а, иштта цаьр- га ладогIа а хаьара цунна. Иза хьанхьанна а делла дац Хастам хиларо. Иза баккъал а сийлахь стаг вара. Ахьмад-Хьаьжа сан- на волчу стагана бен делла дац дийнна халкъан кхол- лам хийцар. И санна волу стаг бIешарахь цхьаъ бен ца волу. Дуьненахь цхьа а хIума дацара иза озалуш, ша теш- на ваьллачух иза йухаваккха. Ткъа кхеравалар-м иза дан- не а девзаш а вацара. Мел кхераме киртиг тIехIоьттича а цуьнан бIаьргаш чохь кхерам ца хаалора. Цхьана а хьолехь Ахьмад-Хьаьжа собарх вухуш а вацара, ойла хьере хуьлуш а вацара. Делахь а, човхо веза- чохь шогга тIе а чевхара иза, сацо везарг, чIоггIа дош олий, саца а вора цо. Иштта ца хиллехь, Нохчий- чоьнан хьалхарчу Президенте Кадыров АхьмадХьаьже нох- чийн ха лкъ хIаллакьхиларх хьалха а даккхалур дацара. Цуьнан ницкъ кхечира тIом сацо а, иза кхул тIаьхьа нох- чийн махкахь цахилийтарехьа гIуллакхаш дан а, вайн халкъ, республикера берриге а бахар- хой машаран новкъа баха, цар- на нийса къилба гайта. А х ь м а д — Х ь а ь ж а с дIаболийна хилла сийлахь некъ кхиамца дIахьош ву цуьнан кIант, вайн сий-лараме тхьам- да, Нохчийн Республикин Куьй- галхо, Россин Турпалхо Кады- ров Рамзан. Оцу некъах беркат, ирс оьцуш ду дерриге а халкъ. Цуьнан беркаташ шо-шаре да- ларца алсамдовлуш ду. Баккъал а, Нохчийчохь Дала бакъо то- лийна, Ахьмад-Хьаьжин доIина жоп а луш. Цуьнан Iедал дара: «Дала бакъо толайойла!» – олий, доIа деш. Везачу АллахIа хьекъал а, кхетам а, пурба а лойла, вайна Ахьмад-Хьаьжин весеташ кхо- чуш а деш, цо хьехначу, гайтин- чу некъаца дIадаха.
САРАЛИЕВ Шамсаил, Россин Пачхьалкхан Думин депутат, Къаьмнийн гIуллакхашкахула йолчу комитетан председателан заместитель «Даймохк», №55, 2023 шо
Российские корпорации усиливают поддержку МСП на базе Премии GIA
Национальный проект «Молодёжь и дети» открывает новые возможности для молодёжи
Студентка из Чечни стала чемпионкой регионального этапа «Абилимпикса»